Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Нах ца баьшна а, наха дІатесна а вара Иза. Лазарш хааделла а, эгІазаллаш евзина а стаг вара Иза. Шена тІера юьхь дІаерзаечу стагах санна, Цунах даша а ца даьшна, вай Цуьнан хама а ца бинера. Іийса зийна а даьлла, иблис дІадахара, юха шен аьтто баллалц. Шух муьлхачо бехке вийр вара Со, Ас къинош летадо аьлла? Ткъа Ас билггал долу бакъдерг дуьйцуш доллушехь, шу Сох хІунда ца теша? Шена тІехь цхьа а къа доцуш Верг Дала вайн дуьхьа къинош летийнарг санна вира, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайх Шена хьалха бакъдинарш хилийтархьама. Цундела дерригенна а тІехь Шен вежарех тарвала везаш вара Иза, Далла хьалха къинхетаме а, тешаме а динан коьрта да хилархьама. Иштта а хилла, адамийн къиношна гечдайта таро яра Цуьнан. Ша, зен а зийна, баланаш хьегна дела, зуьйш болчарна гІо далур ду Цуьнга.
Выбор основного перевода