Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Церан багахь Далла хастамаш хуьлийла, ткъа церан карахь шина а агІор ира долу тур хуьлийла. Сан маттах ира тур дина Цо, Шен куьйган ІиндагІехь Со Іалаш а вина. Сох ирбина пха бина Цо, Шен Іад-батта чохь Со лар а вина. Соьгара болу хаам цІе санна бу, – боху Везачу Эло, – иза тарх йохош йолу варзап санна бу. Со юхатухуш а, Сан дешнаш тІе ца оьцуш а волчун шен кхел ю. Ас аьллачу дашо йийр ю цунна кхел тІаьххьарчу дийнахь. Нагахь массара а Делера болу хаамаш бечу хенахь, шу долчу Іийсах цатешарг я хийра стаг чувеача, цунна хезначу дерригено а цунна къинош гучу а дохур ду, кхел а йийр ю. Оцу чувеанчу стеган деган къайленаш массарна гучуевр ю. ТІаккха цо, гора а хІоьттина, Далла Іибадат а деш, эр ду: «Шуна юкъахь билггал Дела ву!» Тхайн тІемашкахь оха леладо герзаш кху дуьнен чуьра герзаш дац. Мелхо а, Дала цу герзашна Шен ницкъ белла, цаьргахула тхоьга гІепаш хІаллакьяйтархьама. Мекара ойланаш а,
Выбор основного перевода