Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Делан четаран керт нисъярхьама, шаршуш охка. Къилбехьа агІор дуткъачу кІадих йина шаршуш охка, церан йохалла бІе дол хила еза. Кертан кевнна йохаллина ткъа дол хуьлуьйтуш, тІехь тІамарш а йолуш, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а йина шаршуш охка. Царна биъ бІогІам а, биъ бух а кечбе. Цул тІаьхьа керт кечйира. БІе дол еха йолчу къилбехьарчу агІор дуткъачу кІадих йина шаршуш оьхкира. Кертан кевнна оьллина шаршу, тІехь тІамарш а йолуш, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а йина яра. Иза йохалла ткъа дол а, локхалла пхи дол а яра, кертана оьхкинчу шаршуйх тера а йолуш.
Выбор основного перевода