Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу меттехь исраилхошна хьалха хІуттур ву Со, Сан олаллин нуьро цу меттигах еза меттиг йийр ю. Делан четар дІахІоттийначу дийнахь оцу тоьшаллин четарна тІе марха хІоьттира. Сарахь дуьйна сахиллалц четарна тІехула йолу марха цІе санна гуш яра. Иза гуттара а иштта хуьлура: дийнахь четарна тІехула марха сецна лаьттара, ткъа буьйсанна и марха йогуш йолу цІе санна хуьлура. Четарна тІера марха хьалаайаелча, исраилхой новкъа бовлура, ткъа и марха сецначу меттехь цара шайн меттамотт дІахІоттабора. Исраилхой Везачу Элан омрица новкъа а бовлура, Цуьнан омрица совца а совцура. Марха четарна тІехь сецна лаьттачу массо а ханна исраилхой шайн меттаматтахь совцура. Нагахь марха четарна тІехь сецна дукха лаьттича, исраилхой а, шайга Везачу Эло ма-бохху, кхидІа новкъа ца бовлура. Наггахь и марха четарна тІехь сецна кІеззигчу хенахь бен ца лаьттара. Дукха хан я кІезиг хан иза елахь а, Везачу Элан омрица уьш совца а совцура, Цуьнан омрица новкъа а бовлура. Наггахь, сарахь тІе а хІуттий, сахиллалц бен ца соцура марха. Іуьйре тІееача, марха хьалаайалора, тІаккха исраилхой новкъа бовлура. Дийнахь я буса иза делахь а, марха хьалаайаелча, исраилхой новкъа бовлура. Ткъа нагахь марха шина дийнахь я цхьана баттахь, я кхин а дукха йолчу хенахь сецна лаьттича, исраилхой а совцура, новкъа а ца бовлуш. Марха хьалаайаелча, уьш а бовлура новкъа. Везачу Элан омрица исраилхой совца а совцура, Цуьнан омрица новкъа а бовлура. Везачу Эло Мусагахула тІедиллина ма-хиллара, кхочушдора цара Везачу Элан омра. Динан дай оцу езачу чоьнна чуьра арабевлча, Везачу Элан цІа чохь марха хІоьттира. ТІаккха со, Сино хьала а айина, чоьхьарчу керта ваьккхира. Суна гира, Везачу Элан сийлалло дерриг а Делан цІа хьаладуьзна хилар.
Выбор основного перевода