Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ХІора дийнахь сагІа доккхучу кхерча тІехь цхьа шо кхаьчна ши Іахар сагІина боккхур бу ахь. Цхьа Іахар Іуьйранна баккха, важа сарахь баккха. Хьалхарчу Іахарца иштта сагІанаш даха: кхачанан сагІа санна хІинан доьалгІа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина бархІ кад дама, ткъа чагІаран сагІа санна биъ кад чагІар. ШолгІа Іахар сарахь, сагІа санна баккха, ткъа цуьнца хьалхарчуьнца санна долу кхачанан сагІа а, чагІаран сагІа а даккха. Иза цІера тІехь даьккхина сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. Иштта дагоран сагІа аш гуттар а даккха деза Везачу Элана хьалха, гуламан четарна чу волучохь. Цигахь, шуна хьалха а хІуттуш, хьоьца къамел дийр ду Ас.
Выбор основного перевода