Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а хьалха уллу кирхьа де. Цу тІехь говза дина каруб-маликийн суьрташ хила деза. И кирхьа акацих бинчу беа бІогІамна тІеолла. И бІогІамаш дешица кхелина а, шайна тІехь дашо зІакарш йолуш а, детих бинчу баххаш тІехь лаьтташ а хила деза. Четаран лакхахь уллу мІерех дІатаса и кирхьа. Цунна тІехьа дІахІоттаде бартбаран тІорказ. Цу кирхьано еза чоь уггар езачу чоьнах дІакъастор ю. Дуткъачу кІадих а, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах кирхьа дира цара. Цу тІехь говзаллица каруб-маликийн суьрташ а дира. ТІорказ, четар кІел а даьхьна, хьалха шаршу а оьллина, дІакъевлира цо, Везачу Эло шена тІе-ма-диллара. Четара кІел а яьхьна, къилбаседехьа, шаршуна арахьа агІор стол хІоттийра цо. Цу тІе Везачу Элана хьалха дохку баьпкаш хІиттийра цо, Везачу Эло тІе-ма-диллара. Юха стоьлана дуьхьал, къилбехьа, стогар хІоттийра. Везачу Элана хьалха къуьданаш хІиттийра Мусас, Цо шена тІе-ма-диллара. Четарна кІелахь шаршуна хьалха шена тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягош болу дашо кхерч хІоттийра цо. Цу тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягийра Мусас, Везачу Эло тІе-ма-диллара. Четаран неІарехь шаршу оьллира цо. Дийнаташ дагоран сагІа доккху кхерч четарна хьалха, чуволлучохь, хІоттийра цо. Цу тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш а, кІенан сагІанаш а дохура Мусас, Везачу Эло шена тІе-ма-диллара. Юьхь-куьг дуьлу бога четарна а, сагІа доккхучу кхерчана а юккъе а хІоттийна, цу чу хи доьттира цо.
Выбор основного перевода