Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Ас хаьржира ЯхІудан тІаьхьенах волчу Хьоран кІентан Урин кІант Бацалиал. Ас иза Делан Синах вуьзна. Муьлхха а хІума ян похІма а, говзалла а, хаар а Ас делла цунна: говзачу куьцан хьесап дан а, и куц деших а, детих а, цІастанах а дан а, дезачу тІулгах а, дечигах а хІуманаш кечъян а, мел болу говза болх бан а. Данан тІаьхьенах волу Ахьисамахан кІант ОхІлиаб велира Ас цунна гІоьнна. ХІора пхьерана Ас хьекъал а, говзалла а делира, Айса хьуна тІедиллинарг цаьрга кхочушдайта.
Выбор основного перевода