Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха доьзалийн тхьамданаша а, Исраилан халкъан тайпанийн баьччанаша а, тІеман коьртачу хьаькамаша а, тІеман хьаькамаша а, паччахьна белхаш беш болчийн хьаькамаша а шайн даггара сагІа деара. Цара а делира Делан цІа дІахІотторна итт эзар пунт дашо ахча а, итт эзар дарик олу дашо ахча а, ткъа эзар пунт дети а, иштта цІестан ахча а – ткъе ялхитта эзар пунт, ши бІе эзар пунт эчиг а. ТІаккха наха шайгахь нисделла деза тІулгаш а делира Везачу Элан цІийнан хазни чу дахкийтархьама. Уьш гІиршанхо волчу Яхьиалан кара дІаделира цара. И тоба Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цІа долчу дІакхаьчча, доьзалийн дайх цхьаболчара шайн лаамца совгІаташ делира, хиллачу меттигехь Везачу Элан цІа карладаккхархьама.
Выбор основного перевода