Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Делан цІа шех дина долу четар дуткъачу кІадин итт шаршух а, сийна а, сирла-цІен а, таьІна-цІен а эхангах а де. КІадеш тІехь говзачу балхаца тІетегна каруб-маликийн суьрташ хила деза. ХІора шаршун йохалла ткъе бархІ дол, шоралла диъ дол хила еза. Шаршуш ерриш а цхьана барамехь хила еза. Пхи шаршу цхьаьна а, важа пхи шаршу цхьаьна а вовшахтесна хила еза. Сийначу кІадих туьйдаргаш де хьалхарчу пхеаннах йистерачу шаршун цхьана агІор, иштта де вукху пхеаннах йолчу йистерачунна а. Хьалхарчу пхеаннах йолчу йистерачу шаршуна тІехь шовзткъе итт туьйдарг хила деза, шолгІачу пхеаннах йолчу йистерачунна тІехь а оццул хила деза. Церан туьйдаргаш дуьхь-дуьхьал хила деза. Шовзткъе итт дашо мІара а яй, шаршуш цаьрца вовшахтаса, тІаккха цхьа четар хир ду цунах. Газанан тІергІах шаршуш е четарна тІехула лаца. Уьш цхьайтта хила еза. Цхьа шаршу йохалла ткъе итт дол, шоралла диъ дол хила еза. Ерриш а цхьана барамехь хила еза уьш. Царах пхи шаршу къастийна вовшахтаса, важа ялх а къастийна вовшахтаса. ЙолхалгІа шаршу, шалха а йиллий, четарна хьалха нисъе. Пхеаннах йолчу йистерачу шаршун цхьана агІор шовзткъе итт туьйдарг де, изза де ялханнах йолчу йистерачу шаршуна а. Шовзткъе итт цІестан мІара а яй, уьш туьйдаргех дІатийса, тІаккха дерригенах а цхьа четар хир ду. Четарна тІетосучу шаршун совйолуш йолчух ах тІехьарчу агІонна чукхозуш йита. Шаршуйн йохаллех совйолуш ерг цхьацца дол четаран шина агІор кхозуш йита, четар хьулдархьама. Ши кхалор е четарна тІехула лаца – цхьаъ цІен басар хьаькхна йолчу уьстагІийн цІоканех, важа хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсигах. Акацих ирахІиттийна гураш кечде четарна. Итт дол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а хила деза уьш. ХІора гуран ши зІок хила еза, цхьаъ шолгІачунна уллохь а йолуш. Четаран къилбехьа йолчу агІор ткъа гур бе. Ткъа оцу гурашна шовзткъа дато бух бе: шиъ цхьана гурана – цуьнан шина зІакарна, шиъ вукху гурана – цуьнан шина зІакарна. Четаран къилбаседехьа йолчу агІор ткъа гур бе. Царна шовзткъа дато бух бе, ши бух цхьана гурана а беш. Четаран тІехьарчу, малхбузехьа йолчу агІор ялх гур кечбе. Ши гур тІехьарчу агІор шина сонехь а кечбе. Уьш лахахь вовшахтесна хила деза, ткъа лакхахь цхьана чІагарх дІатесна хила а деза. Шина сонехь болу и ши гур иштта бина хила беза. Берриг а бархІ гур хир бу, уьш тІехІитто ялхитта дато бух а болуш – хІора гурана шишша бух. Акацих хьокхий кечде: пхиъ цхьана агІор долчу гурашна, пхиъ вукху агІор долчу гурашна, кхин пхиъ тІехьарчу, малхбузехьарчу агІор долчу гурашна. Юккъехь болу хьокха гурашна юккъехула цхьана йистера вукху йисте чекхбала беза. Гурашна тІехула деши лаца, хьокхий чухІитто чІагарш а деших е, хьокхешна тІехула а деши лаца. Хьайна лам тІехь гайтинчу кепара четар дІахІоттаде.
Выбор основного перевода