Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Акацин дечигах тІорказ де. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а хила деза. Чухула а, тІехула а цІена деши лаца цунна. ТІорказна тІехула, цунна гонах, дашо сара лаца. ТІорказна йиъ дашо чІуг а яй, беа когахь дІачІагІъе уьш: шиъ цхьана агІор, шиъ вукху агІор. Сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а хьалха уллу кирхьа де. Цу тІехь говза дина каруб-маликийн суьрташ хила деза. И кирхьа акацих бинчу беа бІогІамна тІеолла. И бІогІамаш дешица кхелина а, шайна тІехь дашо зІакарш йолуш а, детих бинчу баххаш тІехь лаьтташ а хила деза. Четаран лакхахь уллу мІерех дІатаса и кирхьа. Цунна тІехьа дІахІоттаде бартбаран тІорказ. Цу кирхьано еза чоь уггар езачу чоьнах дІакъастор ю.
Выбор основного перевода