Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Белхаш бечарна юкъара уггар а говза пхьераш Делан четар дан хІиттира. Дуткъачу кІадих а, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а итт шаршу а йина, царна тІе говзачу куьйгашца дина каруб-маликийн суьрташ тийгира цара. Акацин дечигах тІорказ дира Бацалиала. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а дара. ТІорказна тІедуьллу негІар дира цІеначу деших. НегІар ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а дара.
Выбор основного перевода