Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ВорхІалгІа де тІедале чекхдаьхна Дала дерриге а Ша мел дина гІуллакхаш. Цу дийнахь, Ша мел динчу гІуллакхех паргІат а ваьлла, Дала садаьІира. Мусас цаьрга элира: «Иза Делан лаамца хилла хІума ду, хІунда аьлча кхана Везачу Элана лерина долу садоІу де – шоьтан де ду. Шайн ятта езарг а, кхехко езарг а тахана кечъе, ткъа йиснарг, дІа а йиллий, кханенга яккха». Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гІуллакхаш а нисде. Ткъа ворхІалгІа де шайн Везачу Далла лерина садоІу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кІанта а, йоІа а, шун лено а, гІарбашо а, даьхнино а, шун хІусамехь волчу хьешо а цхьа а тайпана болх ма бе.
Выбор основного перевода