Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ДІаала исраилхошка иштта: „Сан шоьтан садоІу денош ларде, хІунда аьлча тІейогІуш йолчу тІаьхьенашна иза Суна а, шуна а юкъахь шатайпа билгало хир ю шуна хаийта, шух деза халкъ деш волу Веза Эла Со вуйла. Оцу Ша мел кхоьллинчуьнга Дела резахиларца хьаьжира. Иштта еара суьйре а, Іуьйре а хилира. ЯлхалгІа де а дІаделира. ВорхІалгІа де тІедале чекхдаьхна Дала дерриге а Ша мел дина гІуллакхаш. Цу дийнахь, Ша мел динчу гІуллакхех паргІат а ваьлла, Дала садаьІира. ТІаккха и ворхІалгІа де Дала, декъалдеш, къобалдира. Цу дийнахь Шен массо а кхоллараллийн гІуллакхаш кхочушдина дела, Дала садаьІира. Делан Йозанашкахь цхьана меттехь ворхІалгІачу дийнах лаьцна иштта аьлла: «Цу дийнахь, Ша мел динчу гІуллакхех паргІат а ваьлла, Дала садаьІира».
Выбор основного перевода