Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха Везачу Эло Мусага элира: «Со волчу лам тІе хьала а валий, кхузахь саца. Айса нахана хьеха кечдина парзаш тІехь долу тІулган экъанаш лур ю Ас хьоьга». Муса лам тІера чувоьссира, шен карахь тІулгах йина тоьшаллин ши экъа а йолуш. Цу экъанашна тІехь шинна а агІор яздина йозанаш дара. И экъанаш хилар Делан болх бара, царна тІехь долу йоза а Дала яздина дара. Везачу Эло Мусага элира: «Хьалха йиначарах тера а йолуш, тІулган керла экъанаш ага хьайна. Царна тІехь ахьа йохийначу шинна тІехь хилла дешнаш яздийр ду Аса. Мусас Веза Эла волчохь шовзткъа де а, шовзткъа буьйса а яьккхира. Цу хенахь цо яа хІума а ца йиира, хи а ца мелира. ТІулган экъанаш тІехь бартбаран дешнаш дІаяздира цо: Делера болу итт хьехам.
Выбор основного перевода