Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Исраилхошна тІедилла, даго тоьлла цІена зайтдаьтта да алий, стогар массо а хенахь богуш хилийта. Гуламан четар чохь бартбаран тІорказна хьалха оьллинчу кирхьанна арахьа хир бу стогар. АхІарона а, цуьнан кІенташа а и стогар Везачу Элана хьалха латийна латто беза, сарахь дуьйна Іуьйре тІекхаччалц. Ерриг а тІейогІу йолчу ханна исраилхойн тІаьхьенашна тІедиллина ду иза». Везачу Эло Мусага элира: «Хаза хьожа йогІу сегІазаш схьаэца: стакти а, оних а, халван а, цІена ливан а цІе йолу хІуманаш. Ерриг а цхьана барамехь хила еза. Хаза хьожа йогІу а, духІиш кечдаран пхьеро эдинарг санна долу а сегІаз кечде цу хІуманех. Цу чу туьха таса, иза цІена а, деза а хилийтархьама. Динан дайн Іедалехь ма-хиллара, кхаж тесира. Иштта Закрина кхаж белира Везачу Элан цІа чохь хаза хьожа йолу хІума яго. Закри волчу Везачу Элан малик деара цу хенахь. Хаза хьожа йогІу хІума ягочу кхерчана аьтту агІор дІахІоьттира иза.
Выбор основного перевода