Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Дерриг а Исраилан халкъан, дагар а деш, хьесап де, церан тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. ХІорра а боьршачу стеган цІе дІаязъе. Ахьа а, АхІарона а ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу нах, шайн тІеман тобанашца багар а бай, Исраилан халкъан эскарехь гІуллакх дан мегаш болчеран хьесап де. Шайн доьзалехь баьчча волу хІора тайпан юкъара цхьацца стаг хила веза шуьца. Шуьца хинболчу нехан цІераш хІорш ю: Раабанан тІаьхьенах – Шидауран кІант Элицур; «Дерриг а Исраилан халкъан, иза дагар а деш, хьесап де, церан доьзалшка хьаьжжина. Исраилхойн эскарехь гІуллакх дан мегаш волчу, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу хІора боьршачу стеган цІе дІаязъе». Оха Везачу Элана сагІина лерина хІораммо а ша схьаяьккхинчух хІума еана. Царна юкъахь ю деших йина иштта хІуманаш: зІенаш а, пхьаьрсах духку хІазарш а, пІелгах духку мухІарш а, лергах ухку чІагарш а, коча ухку хІуманаш а. Уьш оха еана тхайн синойх Везачу Элана мах дІабалархьама». Цу Іуьйранна дуьйна схьа Ша йиллина йолу хан тІекхаччалц, Везачу Эло исраилхошна ун тІехийцира. Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІе кхаччалц долчу латтанаш тІехь дехаш долчу халкъа юкъара кхузткъе итт эзар стаг велира и ун бахьана долуш. Адамийн КІант а ма ца веана Шена хьалхара гІуллакх дайта. Иза нахана гІуллакх дан а, Шен дахар дІадала а веана, дукхахболчеран къинош дІатакхархьама».
Выбор основного перевода