Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ВорхІ дийнахь иштта къа дІадоккху сагІанаш даха, кхерч баз а беш. ТІаккха иза чІогІа беза хир бу. Дерриг а кхерчах хьакхаделларг деза хир ду». Иштта дагоран сагІа аш гуттар а даккха деза Везачу Элана хьалха, гуламан четарна чу волучохь. Цигахь, шуна хьалха а хІуттуш, хьоьца къамел дийр ду Ас. Хийрачу нехан догІмашна тІе иза дотта мегаш дац, кхидолчу Іалашонашна цуьнан барамех эдина даьтта а дан мегар дац. Иза чІогІа деза ду, шуна деза хила а деза иза. КІен сагІанах бухадиснарг АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дала деза. Иза чІогІа деза ду, Везачу Элана леринчу цІера тІехь даьхначу сагІанех иза схьаэцна долу дела. Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн вешига АхІароне дІаала, шена дага мел деанчу хенахь Делан четаран кирхьанна тІехьа йолчу уггар езачу меттиге ма гІо. Цигахь лаьттачу бартбаран тІорказан негІарна хьалха иза веача, АхІарон вала мега, хІунда аьлча къинош дІадахаран негІарна тІехула йолчу мархина юккъехь Со гучуволу.
Выбор основного перевода