Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Муьлхха а сунт ца веш висина боьрша стаг шен халкъо дІатосур ву, хІунда аьлча цо Соьца болу барт бохийна». «ВорхІ дийнахь совсаза бепиг даа. Дуьххьарлерчу дийнахь шайн цІенош чуьра бод совсо хІума дІаяккха, хІунда аьлча цу деношкахь совсийна хІума йиънарг исраилхошна юкъара дІаваккха веза. Цуьнан хьожа кхетархьама цунах тера сегІаз кечдинарг шен халкъана юкъара эккхор ву». Нагахь Далла хьалха цІена воцучу стага Везачу Элана леринчу бертан сагІин жижиг даахь, иза шен халкъана юкъара дІаваккха веза. Нагахь цхьа стаг, Далла хьалха цІена йоцучух – адамах я дийнатах, я текхаргех – а хьакхавелла, бертан сагІин жижиг даа хІоттахь, иза шен халкъана юкъара дІаваккха веза».
Выбор основного перевода