Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дагахь латтабелаш, яьссачу аренгахула хІокху шовзткъа шарахь шун Везачу Дала шуьга байтина болу массо а некъ. Цо шуьга и некъ байтина, шайн кІезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, шун даг чохь хІун ду хаархьама а. Цунна хаа лаьара, аша Шен весеташ лардийр дуйла я доцийла. Цо шу шаьш-шайна кІезиг хоьтуьйтуш къардалийтира, мацалла хІоттийна, гІелдира, стигалара манна олу кхача белира шуна, шуна а, шун дайшна а хІун ю а хиъна йоцу. Иза дира Цо шуна дІагайтархьама, адам деккъа цхьана баьпках дехаш доцийла, амма Везачу Элан багара схьадолучу хІора дашца дехаш дуйла. Цу лаьттан стоьмаш баа хІорш буьйлабеллачу шолгІачу дийнахь стигалара охьаоьху «ман» олу кхачанан буьртигаш дІасевцира. Цул тІаьхьа «ман» кхин ца хилира исраилхошна, амма КанаІан лаьттах схьадаьлларг диира цара цу шарахь. Уьш Іаморхьама Хьайн дика Са дІадели Ахь. Саццаза Хьайн кхачанийн буьртигаш дІалора Ахь царна, церан хьогалла дІаяккха хи а лора. Шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула уьш лелаш а бара, царна мел оьшу хІума Ахь кхочуьйтура. Церан бедарш а ца тишлора, когаш а ца бестара. Цара массара а цхьатерра болу синан кхача а биъна.
Выбор основного перевода