Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Меттамотт болчохь тхи диллинчу буса юьллура лаьтта тІе «ман».) Везачу Эло хьакхийтинчу мохо хІорд болчу агІорхьара лекъарчий деара. Лаьтта тІехула локхаллина шина даларан барамехь догІу уьш исраилхойн меттамотт болчу а, цхьана дийнахь некъ бал цунна гонах йолчу аренга а охьахевшира. Цо, чан санна, жижиган догІа даийтира царна тІе, хІорда йистера гІум санна, дукха олхазарш а гІовттийра. Церан четаршна гонах охьа а оьгуьйтуш, Цо олхазарш церан меттаматтана тІе дахкийтира. Цара яа хІума йийхира – Цо лекъаш делира царна, стигаларчу ялтица уьш Іаббалц буза а бира.
Выбор основного перевода