Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха и ворхІалгІа де Дала, декъалдеш, къобалдира. Цу дийнахь Шен массо а кхоллараллийн гІуллакхаш кхочушдина дела, Дала садаьІира. Шоьтан де дагахь латтаде, иза Сан дуьхьа дІа а къастош. Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гІуллакхаш а нисде. Ткъа ворхІалгІа де шайн Везачу Далла лерина садоІу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кІанта а, йоІа а, шун лено а, гІарбашо а, даьхнино а, шун хІусамехь волчу хьешо а цхьа а тайпана болх ма бе. Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигалш а, латта а, хІорд а, дерриг а царна чохь дерг а. ВорхІалгІачу дийнахь Цо садаьІна. Цундела шоьтан де, декъал а дина, Шен дуьхьа дІакъастийна Везачу Эло. Ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхІалгІачу дийнахь садаІа, хьайн стеран а, виран а синтем хилийтархьама а, хьайн гІарбашан кІанте а, тІевеанчу стаге а садаІийтархьама а. Ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхІалгІа де – Везачу Элан дуьхьа дІакъастош долу дуьззина садаІаран шоьтан де ду. Шотдийнахь болх беш верг муьлхха а вен веза. ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхІалгІа де деза хилийта шайн. Иза Везачу Элана лерина садоІу шоьтан де ду. Цу дийнахь болх бинарг вуьйр ву. Шоьтан дийнахь цхьана а шайн хІусамашкахь цІе ма латае». Ялх дийнахь болх бан мегар ду, ткъа ворхІалгІа де, садоІу шоьтан де, безачу гуламна лерина хилийта. Цу дийнахь цхьа а тайпа болх ма бе. Миччанхьа а шу Іаш делахь а, иза Везачу Элана лерина долу шоьтан де ду.
Выбор основного перевода