Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Буьйсанна пирІун ша а, цуьнан уллоранаш а, ерриг Мисар а хьалагІаьттира. Доккха белхар хІоьттира Мисар-махкахь, хІунда аьлча чохь велла стаг воцуш цхьа а доьзал бацара. Цундела иштта боху Везачу Эло, массо а ницкъийн Везачу Дала: «Массо а урамашкахь белхар хир ду. Массо а некъашкахь мохь хьоькхур бу: „Маржа-яІ! Маржа-яІ!“ – бохуш. Латталелорхо латкъам бан, ткъа тийжаме назманаш ала говзанаш белха а тІекхойкхур бу. Кемсийн бошмашкахь а хир ду белхар, хІунда аьлча Со халкъана юккъехула чекхвер ву, шуна таІзар дархьама», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода