Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу буссехь тІе а кхайкхина, Мусага а, АхІароне а пирІуно элира: «Шу а, исраилхой а, хьала а гІовттий, дІадовла сан халкъана юкъара. Даха а гІой, Везачу Элана гІуллакх де, шаьш ма-аллара. Берриг а мисархоша доьхура цаьрга, сихонца дІагІахьара шу бохуш. «Шу дІа ца гІахь, тхо массо а хІаллакьхир ду!» – бохура цара. Новкъахь Мисарара схьабахьачу бедах совсаза хьокхамаш дира цара. Сихонца цу махкара арабевлла дела, церан бод ца севсинера, шайна новкъа довлуш яа хІума кечъян а ца кхиънера уьш.
Выбор основного перевода