Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу буса Мисарахула чекхвер ву Со. Доьзалехь хьалха дуьнен чу даьлларг дуьйр ду Ас, адамна тІера хьайбанна тІекхаччалц. Мисархойн массо а деланашна тІехь кхел йийр ю Ас. Со Веза Эла ву. Буьйса юккъе яхача, Везачу Эло Мисар-махкахь массо а хьалха вина кІант валийтира, паччахьан гІантахь Іаш волчу пирІунан хьалхарчу доьзалхочунна тІера набахти чохь волчу стеган доьзалхочунна тІекхаччалц. Хьалха дуьнен чу даьлла боьрша даьхни а далийтира. Мисар-махкахь Цо массо а хьалха вина доьзалхо валийтира, церан ницкъо дуьххьара кхуьуьйтург Хьамин четаршна чохь хІаллакбира. Цул тІаьхьа Цо массо а хьалха вина доьзалхо хІаллаквира, церан ницкъо дуьххьара кхуьуьйтурш байина дІабехира. Мисар-махкара хьалха дуьнен чу девлларш хІаллакдина Цо – хьалха дуьнен чу бевлла кІентий а, хьалха хилла дийнаташ а. Кхел ечу хенахь дика дац Іесачу стагана озабезам гайтар, и хІума дарца хьаналчу стагана нийса кхел ца йойтуш.
Выбор основного перевода