Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала элира: «Со Дела ву, хьан ден Дела. Кхера а ца кхоьруш, Мисар-махка гІо, цигахь Ас хьох доккха халкъ схьадолуьйтур ду. Исраилхой ГІашан олучу меттехь Іаш бара. Церан дола дуккха а хІума а делира, уьш тІеттІа дебаш а бара. Ткъа аша, дІахьедар а деш, шайн Везачу Далла хьалха иштта дІаала: „Сан ворхІе а да ваьлла лелаш волу арамхо вара. Иза, Мисар-махка а вахана, кІеззиг долчу адамашца ваха хиира. Цигахь цунах сийлахь а, нуьцкъала а, алсам долу а халкъ схьаделира. Дала ИбрахІимна делла дош кхочушхуьлу хан тІекхочуш яра, Мисарахь долу вайн халкъ дикка алсамделира.
Выбор основного перевода