Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Леас бина кІентий: Якъубан дуьххьарлераниг – Раабан, юха ШимІа, Леви, ЯхІуд, Иссархан, Забул. Рахьала бина кІентий: Юсуп а, Бен-Яман а. Рахьалан ялхочо Балхьата бина кІентий: Дан а, Наптал а. Леин ялхочо Залпаа бина кІентий: Гада а, Ашар а. Уьш Якъубана Падан-Арамехь бина кІентий бара. ХІорш ю Мисар-махка баьхкинчу Исраилан кІентийн цІераш (Якъуб а, цуьнан тІаьхье а): Якъубан хьалхара кІант Раабан. Раабанан кІентий: Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма. ШимІин кІентий: Емуал, Ямин, АхІад, Якин, ЦІохьар, канаІанхочо вина Шаул а. Левин кІентий: ГІиршан, КхахІат, Мерари. ЯхІудан кІентий: Іаьр, Онан, Шейла, Парас, Зерахь. (Іаьр а, Онан а КанаІан-махкахь кхелхинера). Парасан кІентий: Хьацрани, Хьамал. Иссарханан кІентий: ТовлаІ, Пува, Яшаб, Шимрон. Забулан кІентий: Серад, Элон, Яхьлаал. Уьш Леас Якъубана Падан-Арамехь бина кІентий бара. Цо йина Дина цІе йолуш йоІ а яра. Дерриг а кІант а, йоІ а ткъе кхойтта дара. Гадин кІентий: Цепон, Хьаги, Шуни, Эцбон, Іера, Ароди, Ариэли. Ашаран кІентий: Имани, Ишва, Ишви, БериІ. Серахь цІе йолуш йиша а яра церан. БериІан кІентий: Хьебар а, Малкиал а. Лабана шен йоІана Леина еллачу ялхочо Залпаа Якъубана дина бераш дара уьш, верриг а ялхитта стаг. Якъубан зудчо Рахьала бина кІентий бара: Юсуп а, Бен-Яман а. Мисар-махкахь Ана цІе йолчу гІалин динан да волчу ПатипараІан йоІа Асната Юсупна ши кІант вира. Церан цІераш яра Маннаш а, Эпрам а. Бен-Яманан кІентий бара: БулаІ, Бахри, Ашбели, Гери, НаІаман, Аьхьи, Рош, Мупим, Хьупим, Арди. Рахьала Якъубана бина кІентий бара уьш, верриг а вейтта стаг. Данан кІант вара: Хьушим. Напталан кІентий: Яхьциал, Гуни, Йицар, Шилам. Лабана шен йоІана Рахьална еллачу ялхочо Балхьата бина кІентий бара уьш, верриг а ворхІ стаг. Якъубца Мисар-махка веанарг цуьнан тІаьхьенах верг, кІентийн зударий ца лерича, кхузткъе ялх стаг вара. Мисарахь Юсупна вина ши кІант а цхьаьна верриг а Якъубан доьзалх Мисарахь ваха охьахиънарг кхузткъе итт стаг вара.
Выбор основного перевода