Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа дуккха а хан елира. Мисар-мехкан пирІун велира, амма исраилхой, хьалха санна, Іазапехь бохкуш бара. Беза болх ла ца луш, узарш дора цара. Цара доккху орца Деле хьалакхечира. Мусас и дерриг а исраилхошна дІадийцира, амма цара ла ца дуьйгІира цуьнга шаьш, беза болх беш, доьналла доцуш хиларна. Тхан дай Мисар-махка дІабаханера. Дуккха а хан яьккхира оха цигахь. Тхан дайшца а, тхоьца а къиза бара мисархой. Иза вайн халкъ Іехош вара. Вайн дайн халкъана ницкъ бора, вайн бераш дІатуьйсуьйтура, уьш дийна ца дисийтархьама.
Выбор основного перевода