Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира цуьнга: «Хаалахь, хьан тІаьхьенах берш хийрачу махкахь тІебаьхкина нах а хилла Іийр бу. Цу махкарчу бахархоша, деа бІе шарахь леш а бина, Іазапехь латтор бу уьш. Да а, вежарий а Мисарахь баха ховшийра Юсупа, царна РаІамсас олучу гІалина уллохь тоьлла латта а делла, пирІуно шена тІе-ма-диллара. Цул тІаьхьа дуккха а хан яьлча, Муса воккха а хилла, цкъа шен вежарий-исраилхой болчу вахара. Цунна гора, шен халкъ мисархоша дацор а, цуьнга беза белхаш байтар а. Цу дийнахь цунна гира цхьана мисархочо шен къомах волчу Іебархочунна етташ. Везачу Эло элира: «Мисарахь Сайн халкъо хьоьгу бала гина Суна, тІехІиттиначара ницкъ барна цуьнан узарш хезна. Суна хаьа Сайн халкъан лазам. ПирІуно элира цаьрга: «Муса, АхІарон, халкъ шен балхах юхадоккху аша. ДІа а гІой, шайн гІуллакх де». Кхин а элира цо: «ХІокху махкахь дуккха а нах бу, аша шайн болх бан ца буьту уьш». Оццу дийнахь исраилхошна тІехІиттийна болчу нахе пирІуно омра дира: Ас боху ала Исраилан халкъе: „Со Веза Эла ву. Ас Сайн куьйга мисархойн олаллех кІелхьардохур ду шу, церан леш долчуьра паргІат а дохур ду, Сайн болчу ницкъаца царна луьра таІзарш а деш. Шун Дела а хилла, шух Сайн халкъ дийр ду Ас, тІаккха шуна хуур ду Со Веза Эла, шун Дела вуйла, шу мисархойн Іазапах кІелхьардаьхна волу. Амма мисархой тхоьца къиза бара, цара тхуна гІело а йора, тхоьга хала белхаш а бойтура. «Ас шун белшашна тІера мохь дІабаьккхина, шун куьйгаш карарчу тускарех мукъа а даьхна.
Выбор основного перевода