Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло аьлла соьга: «Меттах а ца волуш, Со хьоьжу Сайн хІусамера, малх кхеттачу дийнахь лаьтта йовхо санна, ялта чудерзочу йовхачу хенахь тхин марха санна. Везачу Эло боху: «ЛадогІа! Белхар ду Бавелера схьахезаш, йоккхачу йохоран гІовгІа хеза хашадхойн махкара. Везачу Эло билггал йохор ю Бавел-гІала, цунна чохь мел йолу гІовгІа дІа а туьйш. Яккхий тулгІенаш санна, мостагІий цунна тІегІертар бу, церан буьрса маьхьарий дІа а хозуьйтуш. Бавел йохорхьама эскар цунна тІегІертар ду. Цуьнан тІемалой йийсаре буьгур бу, кегдина хир ду церан секхаІедаш. Веза Эла – бекхаман Дела ву, Цо кхоччуш бекхам бийр бу.
Выбор основного перевода