Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу кхалоро дийнахь йолчу йовхонах дІалачкъа ІиндагІ лур ду, ткъа догІанах а, дарцах а къайлавала иза бун санна хир ю. Царах хІора а мохана дуьхьал йолу дІалечкъийла а, йочанина йина кхалор а, яьссачу арахь долу хьоста а, хьогах долчу лаьтта тІе доьжна лекхачу тархан ІиндагІ а санна хир ду. Веза Эла ма дика ву. Бохам тІебеача, Иза дІалочкъийла ву. Шех бІобулучарна Іуналла до Цо. Къечарна кхел нийсонца йийр ю цо, лаьттан гІело хьоьгучеран гІуллакх догцІеналлица къастор ду цо. ГІаж санна, багара схьадолучу шен дешнашца цо лаьттана еттар ю. Балдашкахула схьайолучу шен Іаьнарца цо Іесанаш бойур бу. ПІелаштамхоша бахкийтинчу геланчашка хІун эр ду? Оха эр ду: „Везачу Эло Цийон-гІала чІагІйина дІахІоттийна, ткъа цу чохь Цуьнан халкъана юкъара гІело хьегначарна дІалечкъийла карор ю“». Амма хІара боху Везачу Эло: «Ондачуьнгара йийсархой а схьабохур бу, къизачу куьйгалхочуьнгара ижу а дІахоьцур ю. Хьоьца тІом беш болчаьрца Со тІом беш хир ву, хьан бераш Ас кІелхьардохур ду. Веза Эла! Хьо ву сан ницкъ а, сан ондалла а, де доьхначу дийнахь сан дІалечкъийла а! Хьо волчу догІур ду къаьмнаш дуьненан массо а маьІІера. Цара эр ду: «Тхан дайн харцделанаш хилла, уьш царна Іамал еш а хилла. Амма цу цІуша царна цхьа а тайпана гІо ца дина.
Выбор основного перевода