Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьанунис, Даудан ялхой схьа а лаьцна, хІораннан а ах маж дІаешира, цул тІаьхьа, царна тІера бедарш вареш тІе кхаччалц дІа а хедийна, уьш дІахийцира. Цийонан зударийн кортошна тІехь чераш хуьлуьйтур ду Хьалдолчу Эло, церан хьаьжнаш дерзина дохуьйтур ду Везачу Эло, уьш юьхьІаьржачу а хІиттош». Мисархой къизачу куьйгалхочун кара лур бу Ас. Дера паччахь хир ву царна тІехь олалла деш», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Ахьа хьайга хаттар дан мега: «ХІунда беана суна тІе хІара бала?» – аьлла. Дагар ца даллал дукха къинош летийна ахьа хьайх. Цундела хьан кучан юх яьттІа ю, когаш берзина а бу. Аса-айса хьан кучан юх хьан юьхь тІе хьалатосур ю, хьан бехке меттиг массарна а дІагайта. Эхь дайна, берзинабевлла болу Шапир-гІалин бахархой, керлачу метте дІакхалха. Цаинунехь бехаш берш а дІабовдалур бац. (Цаинун – «довда» боху маьІна долуш ду). Байт-Эцал-юьртахь дечу белхаро шу цигахь соцуьйтур дац.
Выбор основного перевода