Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шовкъ а еана, шена тІера бедарш дІа а яьхна, Шамъална хьалха Делера болу хаамаш беш дІахІоьттира иза. Цу дийнаххьий, бусий иза тІехь хІума а йоцуш Іиллира. Цундела олуш ду: «Шаул а ву техьа пайхамар?» Цара жоп делира: «Цу стеган дегІа тІехь дукха чоьш а дара, гІодаюкъах дихкина тІаьрсиган доьхка а дара». Ахьаз-ЯхІус элира: «Иза тишабхо волу Эли-ЯхІу ву». «Аса хьуна, Сан жа, – боху Хьалдолчу Эло, – цхьана уьстагІний, вукху уьстагІний, иштта, коьмана а, божана а юкъахь еш, кхел йийр ю. Ас царна тІе цхьа Іу хІоттор ву, Сайн ялхо волу Дауд. Цо уьш дажор ду, иза церан Іу хир ву. Веза Эла волу Со церан Дела хир ву, ткъа Сан ялхо волу Дауд царна юкъахь эла хир ву. Иза Аса боху, Везачу Эло. Юха Мика-ЯхІус элира: «Со цунна воьлхур а ву, тийжар а ву, когаш Іуьйра а, верзинаваьлла а лелар ву со. Со, чангІалкх санна, угІур ву, бухІа санна, воьлхур ву, И де тІекхаьчча, шена сурт хІоттийна хІорра а харцпайхамар Делан цІарах хаам бан хІуттур вац. Нах лебархьама, пайхамарийн духар шайна тІедухур дац харцпайхамарша цкъачунна.
Выбор основного перевода