Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дечиг-пондарца Хьо хастош, Хьо тешаме хилар дуьйцур ду ас, сан Дела. Мерз-пондарца Хьох лаьцна назманаш йохур ю, Исраилан Везаниг! Къа ду хьан, къилахь къам, къинойх дуьзна долу халкъ, зуламхойн тукхам, талхаран тІаьхье! Веза Эла дІа а тесна, Исраилан халкъан Везачу Делах а ца даьшна, Цунна букъ берзийна аша. Хьуна ницкъ биначаьрга Ас шайн дилха доуьйтур ду. Шайн цІийно бахор бу уьш, чагІаро санна. ТІаккха массо а адамашна хуур ду Со Веза Эла а, хьо КІелхьарйоккхург а, мах баларца хьо ПаргІатйоккхург а, Якъубан Нуьцкъалниг а вуйла». «Мохь хьекха, бер ца хуьлуш ерг, цкъа а бер хилла а йоцург! Хазахетаран цІогІа тоха, мохь хьекха, бер хуьлуш лазарша ца хьийзийнарг, хІунда аьлча йитинчун бераш сов ду, майра волуш йолчун чул», – боху Везачу Эло. ХІан-хІа, Сайн оьгІазе дералла кхочушйийр яц Аса, Сайна хетарг хуьйцур дац Аса, Эпрайман халкъ хІаллакдийр дац. Со – Дела ма ву, Со адам ма дац. Хьуна юкъахь Со Везаниг ма ву! Дераллица вогІур вац Со. Хазахетарца йиш локхуш хила, Цийонан йоІ! Доккхаде, Исраилан халкъ! Самукъане а хила, даггара сакъералуш а хила Ярушалайм-гІалин йоІ!
Выбор основного перевода