Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьа татол ду Делан гІалин самукъадоккхуш. Веза Воккха Дела Іаш волу еза меттиг ю цигахь. Ерзинчу лакхенашкахь хиш дуьйладолуьйтур ду Ас, тогІешкахь шовданаш хьаладуьйлуьйтур ду. Яьссачу аренах хин Іам бийр бу Ас, декъачу лаьттах хин хьостанаш дийр ду. «Цу дийнахь къинойх а, сийсазаллах а цІанбалийта Даудан цІенна а, Ярушалайман бахархошна а цхьа хьоста дІаделлалур ду. Іийсас иштта жоп делира цуьнга: «Дала дина дика а хьайна довзахьара, хьайга хи доьхург мила ву а хаьахьара, ахь-айхьа доьхур дара Цуьнга хи. Ткъа Цо хьуна „дийна долу хи“ лур дара». ткъа Аса шена лун долу хи мелча, иза цкъа а хьаглур вац. Амма Ас лур долу хи стагана чохь, Дела волчохь хедар доцучу дахаре доьдучу хин хьоста а хилла, дІахІуттур ду». Сийлахь-доккхачу дезачу денойн тІаьххьарчу дийнахь Іийсас, дІа а хІоьттина, кхайкхам беш, элира: «Шаьш хьогах долчара, Суна тІе а дуьйлий, мала шайна. Сох тешначун, Делан Йозанашна тІехь ма-аллара, кийрара „дийначу хин“ шовданаш оьхур ду».
Выбор основного перевода