Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Селхана дуьнен чу девллачу тхуна хІумма а ца хаьа, дуьнен тІехь долу тхан дахар, ІиндагІ санна, сихло. Цо со билггал вийна дІавоккхур ву, со сатуьйсийла йоцуш ву. Сайн лелар Цунна хьалха билггал лардийр ду аса. тІаккха мичахь ю сан сатуьйсийла? Сан догдохийла хьанна гур ду тІаккха? Соьца кхочур юй те иза эхартан кевне, соьца цхьаьна Іожаллин чене юьжур юй те?» Ахь, дІадаьлла гІан санна, дІахьо адамаш. Уьш Іуьйранна хьалаяьлла буц санна ду. Буц Іуьйранна, хаз а лой, сенло, ткъа сарахь, маргІал а юлий, якъало. Сан дахар сох дІадоккхуш ду, дІадоккхуш долу жаІуйн четар санна. КІадидархочо санна, сан оьмар карчийна ас. КІади дечу чарха тІера дІахададо кІади санна, Везачу Эло сан дахар чекхдоккху цІеххьана, Іуьйренна тІера суьйре тІекхачале.
Выбор основного перевода