Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта кхоьллира Дала Іаламат хІордан дийнаташ а, массо а тайпана хи чохь йолу садолу хІуманаш: яккхий а, кегий а. ХІаваэхь тІема девлира дуккха а массо а тайпана олхазарш. Дела, хьаьжча, Ша кхоьллинчунна реза хилира. «Адаман кІант! ХІара тийжам Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунах лаций дІаала: „Хьо халкъашна юкъахь къона лом санна хета, амма билггал аьлча, хІорда чуьра саьрмик санна ву хьо! Хьайн хишна чохь хьайн мерІуьргашца синош доху ахь, хьайн когашца хи а даржош, иштта и хи дІаса а детташ“». Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Дуккха а халкъашна а гуш, Ас хьуна тІе Сайн бой тосур ю, ткъа цу адамаша хьо Сан бойнаца хьалабоккхур бу.
Выбор основного перевода