Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара гІуллакх Ахь суна тІедуьллуш хилча, вей, дІаваккха со, Хьо суна реза велахь. ТІаккха бала хьега дезар дац сан». Со бехке вац! Сан бала бац сайна хІуъа хир делахь а, хІунда аьлча суна сайн дахар къахьделла. «Сан синна сан дахар къахьделла. Сайна чохь сецор бац аса сайн латкъамаш. Ас буьйцур бу сайн даг чохь болу бала. Сан дахаран денойх кІезиг бен дисна дац те? ДІаверзахьа соьгахьара, жимма со воккхавейта, ДІа а кхелхина, дуьнен чуьра дІаваххалц йолчу ханна витахьа со, сан кхин а воккхавен йиш хилийтархьама. Сайн дахаран деношкахь кхетам тІе ца кхуьу хІуманаш дукха гина суна. Масала, ша бакъахьара хиллехь а, къона стаг дІакхелха, ткъа ша зуламе велахь а, стаг дукха вехаш а хуьлу. Ткъа хІинца, Веза Эла, дІаэцахь сан са, хІунда аьлча суна валар гІоле ю-кх, вехачул».
Выбор основного перевода