Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза уллохула тІехваьлча, суна гур а вац, Иза гергахула лелча, суна хаалур а вац. Цо со билггал вийна дІавоккхур ву, со сатуьйсийла йоцуш ву. Сайн лелар Цунна хьалха билггал лардийр ду аса. Со малхбузехьа дІавоьду – цигахь Иза вац, малхбалехьа – цигахь а суна Иза ца караво. Иза къилбаседехь къахьоьгуш хилча а, сан Цунах бІаьрг а ца кхета, къилбехьа Иза дІавирзина хилча а, суна Иза гуш вац. qac Вqac*езачу Элан кара хьайн некъ дІа а ло, Цунах тешна Іаш а хила, ткъа тІеоьшург Цо кхочушдийр ду. Цо, серло санна, хьан бакъдерг а гучудоккхур ду, дийнан делкъе санна, хьан нийсо а гучуйоккхур ю. ТІаккха аса сайн дагахь элира: «Бакъволчунна а, харцволчунна а Дала Ша Шен кхел йийр ю, хІунда аьлча массо а хІуманан а, дерриге а гІуллакхийн шен-шен зама ю». ХІунда аьлча адамаша мел дечунна – къайлаха деш долу дика я вон иза делахь а – Дала Ша кхел йийр ю.
Выбор основного перевода