Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІай сонта, ца кхеташ долу халкъ, иза ду аша Везачу Элана дІалуш дерг? Иза вац ткъа шун Да, шу хилийтина а, шу кхоьллина а, шу дІатардина а волу? Воккхавеш хир вуй те иза Нуьцкъалчух, кхойкхур вуй те иза Цуьнга массо а хенахь? Дийнахь Везачу Эло Шен безам суна тІехьажабо. Буьйсанна соьгахь илли ду Цунна – сан дахаран Деле долу доІа. Буьйсанна сайн иллеш дагаоьху суна, ойла а еш, сан сино хоьтту: Далла тешаменаш оцу сийлаллех баккхийбойла, шаьш бийшинчохь а уьш баккхийбойла. Хьуна хІунда вицло хьо кхоьллина волу а, стигалш дІасаяржийна волу а, лаьттан баххаш дІахІиттийна волу а Веза Эла? Хьо хІаллакван кийча волуш волчу, хьуна гІело ечун дералла бахьана долуш, дерриг а дийнахь хьо хІунда кхоьруш лаьтта? Мичахь ю хьуна гІело ечун дералла? Буьйса юккъе яханчу хенахь ПахІал а, Сали а доІанаш деш а, Далла лерина назманаш олуш а вара, ткъа кхин болу тутмакхаш цаьрга ладугІуш бара.
Выбор основного перевода