Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Декъала хир ду шух схьадаьлла чкъор, шун лаьттах схьабаьлла стом, шун даьхнех – стерчех а, койх а схьадаьлла дохкана. Лахара цуьнан орамаш а дакъалур ду, лакха тІера цуьнан гаьннаш а маргІалдулур ду. Ву иза доьдучу хин йистехь доьгІна дитт санна, шен хенахь стом а ло цо, гІа а маргІал ца дулу цуьнан, ша мел дечунна тІехь аьтто а хуьлу цуьнан. И стаг, хин татол долчохь дІадоьгІна долчу, шен орамаш хина уллохь хецна долу дитт санна хир ву. Цунна ца хаало йовхо тІееача. Цуьнан гІа баьццара лаьтта. Иза йокъанах а ца кхоьру, шена тІе стом ца латош а ца хуьлу.
Выбор основного перевода