Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан динан дай нийсо тІеюьйхина хуьлийла. Хьан долахь берш хазахетарца баккхийбойла. Цо Шена тІе, гІагІ санна, бакъдерг диллира, Шен коьрта тІе кІелхьардаккхаран гІем а тиллира, бекхаман оба, бедар санна, тІеоьллира, дог иракарахІотторца Шен дегІ хьулдира. Сайн Везачу Элах йоккхаеш хир ю со, сан са хир ду сайн Делах доккхадеш. Цо кІелхьардаккхаран бедарш юьйхина суна тІе, Цо нийсонан оба суна тІе хьулйина, зудаялочо динан дайн чалба коьрта тІе тиллича санна а, нускало жовхІаршца ша хазъян санна а. Вист а хуьлуш, ас элира: «Цуьнан коьрта тІе цІена чалба тилла». Цуьнан коьрта тІе цІена чалба тиллира, дегІа тІе духарш дуьйхира. Ткъа Везачу Элан Малик лаьтташ дара. Цундела иштта дІахІитталаш: шайн гІодаюкъ билггал бакъдолчуьнца дІа а ехкий, нийсонан гІагІ шайна тІе а духий,
Выбор основного перевода