Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа суна бакъонца гур ю Хьан юьхь, самаваларца, Хьан сибат а гина, там хир бу суна. Декъалбина бу цІена дог дерш – царна Дела гур ву. Цкъа хІинца-м вайна дерриге а гІийла гойтуш долчу куьзганехула санна го. Ткъа цу хенахь юьхь-дуьхьал гур ду вайна. Цкъа хІинца-м сан кхетам кхоччуш бац, ткъа цу хенахь сан кхоччуш довзар хир ду, со Далла вевзаш ма-хиллара. Сан хьоменаш! ХІинца вай Делан бераш ду, амма кхул тІаьхьа вайх муьлш хир ду цкъа хІинца а дІа ца делладелла вайна. Вайна хаьа, Дала леррина Къобалвинарг веанчу хенахь, вай а Цунах терра хир дуй, Иза Ша ма-варра вайна гун волу дела.
Выбор основного перевода