Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делахь а, стигалахь сан Теш ву, лакхахь ву суна ТІехІуттуш верг а! Веза Эла, сан Тарх а, суна паргІато Лург а, сан бетера долу дешнаш а, сан деган ойланаш а тамехь хуьлийла Хьуна хьалха. Царна дагадеара, Дела – шайн тарх хилар а, Веза Воккха Дела шаьш ПаргІатдохург хилар а. Со валарх а ларво Цо. Шен хедар боцучу безамца а, къинхетамца а го бо Цо. Исраил халкъан Везачу Дала, шу мах баларца паргІатдаьхначу Везачу Эло, иштта боху: «Шун дуьхьа Ас Бавелна дуьхьал эскар дохуьйтур ду. Берриге а хашадхой, бевдда нах санна, церан дозалла хиллачу кеманашкахь хинехула дІабуьгур бу Аса. Амма уьш ПаргІатбохург чІогІа ницкъ болуш ву, ткъа Цуьнан цІе массо а ницкъийн Веза Эла ю. Церан гІуллакх Цо леррина къастор ду, дуьненна синтем а луш, ткъа Бавелан бахархошна гІайгІа а кхуллуш». ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «Адаман кІант! Денлур юй те и даьІахкаш?» Ас жоп делира: «Хьалдолу Эла! Иза Хьуна цхьанна хаьа». Іийсас элира цуьнга: «Со ву адамаш ден Дийриг а, адамашна дахар Лург а. Сох тешаш волчун, нагахь и велча а, цкъа а хедар доцу дахар хир ду. И дерриг а кхочушхилла, Дала ИбрахІиме лур ду аьлла долу декъалалла, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула кхечу къаьмнашна а далийтархьама а, вайн Шех тешар бахьана долуш, вайна чІагІо еш, Ша лур ду аьлла Делан Са вайна далархьама а. Цара, керла эшар а локхуш, бохура: «Хьакъ долуш ву Хьо, и тептар схьа а эцна, цу тІера мухІарш дІадаха, хІунда аьлча Хьо вийна вара. ХІора тайпанашна а, меттанашна а, хІора халкъана а, къомана а тІера Делан дуьхьа Хьайн цІий Іанорца адамашна тІера мах дІабелира Ахьа.
Выбор основного перевода