Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Мусана хьалхахула а ваьлла, Везачу Эло Шен ЯхІува йолчу цІарах лаьцна кхайкхам бира: «Веза Эла къинхетаме а, дика а Дела ву, атта оьгІаз ца воьдуш волу а, боккха безам болуш а, тешаме волу а, Хьо дика а ву, гечдан кийча а ву, Хьалдолу Эла, Хьайга кхойкхучаьрца массаьрца а бу Хьан хедар боцу безам. Бедарш а ца этІош, шайн дегнаш этІаде». ТІедерза шайн Везачу Далла! Иза дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву. Иза атта оьгІаз а ца воьдуш, ткъа боккха безам болуш ву. Шена цхьанна бохам бан дагадеача, Иза сихха дохковолу. Юнус ваха новкъавелира. Амма иза Таршаш-гІалахьа дІаволавелира, Везачу Элах дІавадархьама. ХІордан йистехь йолчу Яппи-гІала а кхаьчна, Таршаш-гІала доьду хинкема карийра цунна. Мах а белла, оцу хинкеманна тІе велира иза, Везачу Элан юьхь-дуьхьлара дІавадархьама. Веза Эла атта оьгІаз а ца воьду, Иза Шен ницкъаца сийлахь ву. Цо бехк таІзар ца деш а ца буьту. Йилбазмохехь а, дарцехь а ду Везачу Элан волавалар, мархаш – Цуьнан когаша хьалайоккху чан санна ю.
Выбор основного перевода