2
ТІаккха цо доІанна тІехь дийхира Везачу Эле: «Ва Веза Эла! И дацара аса со сайн махкахь хиллачу хенахь дийцинарг? Цундела веддерий со-м Таршаш-гІала, хІунда аьлча Хьо дика ойла йолуш а, къинхетаме а, Хьо атта оьгІаз ца воьдуш а, ткъа боккха безам болуш а вуйла сайна хаьа дела. Хьо сиха дохковолуш хуьлу, Хьайна цхьанна бохам бан дагадеача.