Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло элира: «Нагахь Седам-гІалахь Суна шовзткъе итт Сайн лаамехь волу стаг каравахь, церан дуьхьа Аса цу ерриг а гІалех къинхетам бийр бу». Аша царах лаьцна, уьш мостагІийн хІонс хилла дІахІуьттур ду, баьхна долу а, хІинца а дика а, вон а хІун ду ца хууш долу а шун бераш девр ду оцу лаьтта тІе. Ас и латта царна лур ду, ткъа цара иза шайн дола доккхур ду. Хьан нийсо лекха лаьмнаш санна ю. Хьан кхел кІорга хІордаш санна ю. Адамаш а, бежанаш а Іалашдо Ахь, Веза Эла! Вочу стеган Іожалла тІеярах там хуьлий те Суна? – боху Хьалдолчу Эло. – Мелхо а, шен харцнекъа тІера дІа а вирзина, иза вехаш хилар Суна тамехь хир дара. «Хьала а гІаттий, йоккхачу Нунав-гІала гІо! Цигахь лелачу зуламечу гІуллакхех лаьцна хаам кхаьчна сан лерге. Нунав-гІалара бахархошна дуьхьал болу хьехамаш бе». «Вало, гІо Нунав-гІала! Цигахь, оцу йоккхачу гІалахь, бахархошка кхайкхаде Ас хьайга бохург». Дала ма-бохху, Нунав-гІала вахара Юнус. Далла гергахь еза шахьар яра и Нунав-гІала. Кхаа дийнахь некъ баллал йоккха яра иза. ТІаккха цо Нунав-гІалахь омра дира: «Паччахьан а, цуьнан гонахара куьйгалхойн а сацам иштта бу: адамаша а, хьайбанаша а, стерчаша а, уьстагІаша а хІумма а ма яа, цхьа а беже ма гІо, цхьаммо а хи ма мала», – аьлла.
Выбор основного перевода