Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И турбанаш лакха дезарш динан дай болу АхІаронан кІентий бу. И гІуллакх царна а, церан тІаьхьенашна а гуттаренна а тІедиллина хир ду. Цо кхо бІе стаг кхаа декъе вийкъира. ХІора тІемалочунна кара коьман маІий, яьсса кхабий елира цо. ХІора кхаби чохь богуш къуьда бара. ГадІанаца хиллачу кхаа бІе стага коьман маІаш лекхча, Везачу Эло меттаматтара нах вовшашна дуьхьалбехира. Уьш, вовшашна тарраш а диттина, бевдда Царира-гІалина уллохь йолчу Байт-ШатІа дІабахара. Уьш иштта ТІабата уллохь йолчу Абал-Махьулан йисте кхечира.
Выбор основного перевода