Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан паччахьаш а лур бу шун кара. Аша церан цІераш стигал кІелара а дІайойур ю. Цхьа а шуна дуьхьал латталур вац, аша уьш хІаллакбина бовллалц. Цо элира цу шинга: «Суна хаьа Везачу Эло хІара мохк шуна дІабеллийла. Тхуна тІе кхерам боьссина, тхан дегнаш, шух кхоьруш, дегош ду. Цара элира ЮшаІе: «Везачу Эло дерриг а хІара латта вайн кара схьаделла. Берриг а цигара бахархой вайх кхоьруш бу». Везачу Эло ЮшаІе элира: «Кхера а ма кхера, воха а ма воха. ТІом балуш верг верриг а хьайца схьа а эций, ГІай-гІалина тІелата. ГІай-гІалин паччахь а, цуьнан халкъ а, гІала а, латта а хьан кара дІало Ас.
Выбор основного перевода