Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІевахана, иза мисархойн Іазапах кІелхьара а даьккхина, цу махкара арадоккхур ду Ас. Дикачу а, боккхачу а, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу, канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка дІадуьгур ду Ас Сайн халкъ. Ас церан дайшна чІагІо ярца дала лерина долу латта гур дац. Со дІа мел тесначарна а гур дац иза. Шун кІентий шовзткъа шарахь яьссачу арахь кхелхина лелар бу. Шу массо а делла дІадовллалц, цара бала ловр бу шун бехкана. ШовзткъалгІачу шеран цхьайтталгІачу беттан хьалхарчу дийнахь бинера Муса-пайхамаро хІара хьехамаш массо а исраилхошна. Цо дийцинарг дерриг а Везачу Эло царах шайх лаьцна тІедиллинарг дара. Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечунна тІехь шу декъалдина. Цо шун дола дина хІокху йоккхачу а, кхерамечу а яьссачу аренгахула шу леллачу хенахь. ХІара шовзткъа шо ду шун Веза Дела шуьца волу. Шу цхьана а хІуманна тІехь эшам ловш дацара. Вай Кхадеш-БарнаьІара арадевллачу хенахь дуьйна Зерад-татол долчу тогІенехула чекхдовлучу ханна тІекхаччалц, ткъе берхІитта шо дІадаьлла. Вайн къомана юкъара тІаме дахалуш мел хилла гаранаш хІаллакьхилла, Везачу Эло царна чІагІо йина ма-хиллара. Шун бедарш шуна тІехь тиш ца лора, оцу шовзткъа шарахь шун когаш ца бестара. Шовзткъа шарахь цу тІаьхьенна оьгІазъоьхуш Іийра Со. Ас элира: „Шайн дегнашкахь тиладелла халкъ ду иза, Сан новкъа ца баха уьш“. Цундела Сайн оьгІазаллица Ас чІагІо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла».
Выбор основного перевода