Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалахьаьжначу цунна гира гена воццуш хьалха лаьтта кхо стаг. Уьш а гина, дуьхьалведда, лохха царна хьалха охьатаьІира ИбрахІим. Якъуб ша висинчу хенахь сахиллалц цхьаъ лийтира цунах. «Ас Малик дохуьйту хьуна хьалхадаьккхина новкъахь хьо Іалашвайта а, Ас хьуна кечйинчу метте хьо дІавига а. БалиІаман виркхелана гира, баттара тур а даьккхина, некъа тІехь лаьтташ долу Везачу Элан Малик. Иза, некъа тІера дІа а яьлла, аренга дІайирзира. Ткъа БалиІам виркхелана етта волавелира, иза некъа тІе яккха гІерташ. Юха Везачу Эло БалиІаман бІаьргаш дІабиллира. Баттара даьккхина тур а долуш, некъа тІехь лаьтташ долу Везачу Элан Малик гира БалиІамна. Иза цунна хьалха лаьтта бертал охьавуьйжира. Шен бІаьргаш хьалахьажийча, Даудана гира лаьттана а, стигална а юкъахь Ярушалаймана тІехула баттара даьккхина тур карахь долу Везачу Элан малик. ТІаккха Дауд а, къаной а, тІехь сингаттаман духар а долуш, шайн яххьаш тІе лаьтта охьаийгира. Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦІеххьана царна хьалха кІайн духар тІехь долу ши стаг дІахІоьттира.
Выбор основного перевода